Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Дукха тІаьхьа ду, – жоп делира Исхьакха. – Ас Якъубана хьуна тІехь олалла дІаделла. Ас аьлла цуьнга, массо а цуьнан вежарий цуьнан ялхой хир бу. Ас декъалдира цуьнан ялта а, чагІар а. Сан кІант, хьуна дала хІумма а дац сан!» Дауда Эдомехь шен эскаран тобанаш дІахІиттийра, ткъа массо а эдомхо цуьнан лай хилла дІахІоьттира. Везачу Эло Дауд ша араволучу массо а меттигера толамца цІа воьрзуьйтура. ГалІад-мохк а Сан бу, Маннаш-мохк а Сан бу, Эпрайм-мохк Сан коьртан чІагІо ю, ЯхІуд-мохк – Сан паччахьаллин гІаж ю. Муаби-мохк – Сан юьхь-куьгдуьлург ю. Эдом-махкана тІе Сайн мача кхуссур ю Ас, иза Сайн хилар дІагайтархьама. Хьайн аз айадай, Соьга кхайкха, ПІелаштам-мохк!» Иза Эдомах диснарг а, Сан долахь хилла массо къаьмнаш а церан карадахийтархьама дийр ду Ас», – боху хІара дерриге а деш волчу Везачу Эло.
Выбор основного перевода