Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дала Мисар-махкара арадаьккхина и халкъ, бугІанан маІашкахь болу ницкъ а болуш. И халкъ стен лом санна дІахІутту, шен ижу дІакхаллалц паргІат ца долу а, ша хІаллакдинчеран цІий дІамаллалц дІа ца дуьжу а лом санна хьалагІотту иза». Ахь эгор ду и халкъаш аьчкан гІожаца, отур ду уьш, кхийра пхьегІа санна». Хьан ира пхерчий паччахьан мостагІийн дегнех чекхдовлийла. Хьан когашна хьалха халкъаш охьаэгийла. Ас къилбаседехьара Бавелна тІе дуккха а даккхий къаьмнаш далор ду. Уьш цунна дуьххьал дІахІуьттур ду, ткъа Бавел цара схьайоккхур ю. МостагІийн пхерчий дика тІемалой санна ду, тІам тІера даьссачу куьйгашца юха ца боьрзуш болу. «Исраилан къам, лоьмех дедда долу жа санна ду, массо а маьІІехула дІасадаьржина долу. Цкъа-делахь, Ашур-махкарчу паччахьо иза дІакхаьллина, тІаьхьара Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара цуьнан даьІахкаш аьтта».
Выбор основного перевода