Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Исраилан халкъо шайн меттаметтанаш, къеста а деш, гуламан четарна гонах дІахІитто деза. ХІора стага шен тайпанан байракх хьалаайинчохь, шен доьзалан билгало йолчохь, меттамотт дІахІотто беза. Малхбалехьа, малх схьакхетачу агІор, ЯхІудан тайпанан меттаматтан байракх хьалаойур ю, ткъа оцу тайпанах болу нах, шайн тІеман тобанашка хьаьжжина, цигахь дІанислур бу. ЯхІудан тайпанна тІехь куьйгалла дийр ду Іамминадабан кІанта Нахьшона. Цуьнан эскарехь вагарвинарг кхузткъе вейтта эзар ялх бІе тІемало ву (74600). ЯхІудан тайпанна юххехь Иссарханан тайпано шен меттамотт дІахІоттор бу. Оцу тайпанна тІехь куьйгалла дийр ду ЦуІаран кІанта Натунаила. Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе вейтта эзар виъ бІе тІемало ву (54400). ЯхІудан тайпанна юххехь Забулан тайпано а шен меттамотт дІахІоттор бу. Оцу тайпанна тІехь куьйгалла дийр ду Хьелонан кІанта Элиаба. Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе вуьрхІитта эзар виъ бІе тІемало ву (57400). ЯхІудан меттаматтахь вагарвинарг верриге а цхьа бІе везткъе ялх эзар виъ бІе стаг ву, шайн тІеман тобанашка хьаьжжина. Уьш исраилхой дІабоьлхуш хьалхабевлла баха беза. Къилбехьа йолчу агІор Раабанан тайпанан меттаматтан байракх хьалаойур ю, ткъа оцу тайпанах болу нах, шайн тІеман тобанашка хьаьжжина, цигахь дІанислур бу. Оцу тайпанна тІехь куьйгалла дийр ду Шидауран кІанта Элицура. Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе ялх эзар пхи бІе тІемало ву (46500). Раабанан тайпанна юххехь ШимІин тайпано шен меттамотт дІахІоттор бу. Оцу тайпанна тІехь куьйгалла дийр ду Цура-Шидин кІанта Шелумиала. Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе ткъайоьсна эзар кхо бІе тІемало ву (59300). Раабанан тайпанна юххехь Гадин тайпано а шен меттамотт дІахІоттор бу. Оцу тайпанна тІехь куьйгалла дийр ду РаІалан кІанта Элъясайпа. Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе пхи эзар ялх бІе шовзткъе итт тІемало ву (45650). Раабанан меттаматтахь вагарвинарг верриге а цхьа бІе шовзткъе цхьайтта эзар виъ бІе шовзткъе итт стаг ву, шайн тІеман тобанашка хьаьжжина. Уьш, исраилхой дІабоьлхуш, шолгІачу меттехь хир бу. Цул тІаьхьа гуламан четар а, иза дІахьош долу левихойн тайпа а дІагІур ду, дуьххьарлерчу шина меттаматтана а, тІаьххьарчу шина меттаматтана а юккъехь. Шайн меттаметтанаш дІанисдина кеп ма-хиллара, дІагІур бу уьш. ХІора стаг шен-шен меттехь, шен байракх хьалаайинчохь, хир ву. Малхбузехьа йолчу агІор Эпрайман тайпанан меттаматтан байракх хьалаойур ю, ткъа оцу тайпанах болу нах, шайн тІеман тобанашка хьаьжжина, цигахь дІанислур бу. Оцу тайпанна тІехь куьйгалла дийр ду ІамихІудан кІанта Эли-ШамаІа. Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъа эзар пхи бІе шовзткъе итт тІемало ву (40500). Эпрайман тайпанна юххехь Маннашан тайпано шен меттамотт дІахІоттор бу. Оцу тайпанна тІехь куьйгалла дийр ду Падацуран кІанта Гамлиала. Цуьнан эскарехь вагарвинарг ткъе шийтта эзар ши бІе тІемало ву (32200). Эпрайман тайпанна юххехь Бен-Яманан тайпано а шен меттамотт дІахІоттор бу. Оцу тайпанна тІехь куьйгалла дийр ду ГидІонин кІанта Авданис. Цуьнан эскарехь вагарвинарг ткъе пхийтта эзар виъ бІе тІемало ву (35400). Эпрайман меттаматтахь вагарвинарг верриге а цхьа бІе бархІ эзар цхьа бІе тІемало ву, шайн тІеман тобанашка хьаьжжина. Уьш дІабоьлхуш кхоалгІачу меттехь хир бу. Къилбаседехьа йолчу агІор Данан тайпанан меттаматтан байракх хьалаойур ю, ткъа оцу тайпанах болу нах, шайн тІеман тобанашка хьаьжжина, цигахь дІанислур бу. Оцу тайпанна тІехь куьйгалла дийр ду Іами-Шидин кІанта АхьиІазара. Цуьнан эскарехь вагарвинарг кхузткъе ши эзар ворхІ бІе тІемало ву (62700). Данан тайпанна юххехь Ашаран тайпано шен меттамотт дІахІоттор бу. Оцу тайпанна тІехь куьйгалла дийр ду Іухранан кІанта ПагІиала. Цуьнан эскарехь варгарвинарг шовзткъе цхьа эзар пхи бІе тІемало ву (41500). Данан тайпанна юххехь Напталан тайпано а шен меттамотт дІахІоттор бу. Оцу тайпанна тІехь куьйгалла дийр ду Іайнанан кІанта АхьираІа. Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе кхойтта эзар виъ бІе тІемало ву (53400). Данан меттаматтахь вагарвинарг верриге а цхьа бІе шовзткъе вуьрхІитта эзар ялх бІе тІемало ву. Уьш, исраилхой дІабоьлхуш, шайн байракхашка хьаьжжина, тІаьххьарчу меттехь хир бу». Мархи юкъахь чувоьссинчу Везачу Эло къамел дира Мусаца. Цуьнгара Дезачу Синан дакъа схьа а эцна, кхузткъе итт тхьамдина делира Везачу Эло. Деза Са шайна тІе доьссича, уьш Делера болу хаам бан хІиттира нахана, амма юха а севцира. Цу тхьамданашна юкъахь хаьржина Элдад а, Майдад а цІераш йолу ши стаг вара. Амма четарна хьалха ца вогІуш, меттамотт болчохь сецнера и шиъ. Царна тІе а доьссинера Деза Са. ТІаккха и шиъ Делера болу хаам бан волавелира нахана юкъахь. Уьш ГебаІ-гІаларчу сагІа доккхучу барза тІе бевлча, царна масех пайхамар дуьхьалкхийтира, Шаулна тІе Делан Са охьа а доьссира. Иза а цаьрца, шовкъ а еана, Делера хаамаш беш дІахІоьттира. Шаула цига а нах бахийтира Дауд схьалаца. Уьш схьа а кхаьчна, царна Шамъал коьртехь а волуш, Делера болу хаамаш беш пайхамарш гича, царна тІе Делан Са охьадоьссира. Уьш а, шовкъ а еана, Делера болу хаамаш бан буьйлабелира. Иза Рамерчу Наюта вахара. Цунна тІе а Делан Са доьссира. Ша дІавоьдучу хенахь иза а волавелира, Рамерчу Наюта кхаччалц, Делера болу хаамаш бан. «Даудан гІалахь» шена цІенош дайтира Дауда. ТІаккха цо, Делан тІорказ дІахІотто меттиг кеч а йина, цунна лерина четар дІахІоттийра.
Выбор основного перевода