Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
БалиІама, Балакхан ялхошка жоп а луш, элира: «Нагахь Балакха детих а, деших а дуьзна долу шен паччахьан цІа суна схьалуш хилча а, сайн Везачу Дала бохучунна тІера а ваьлла, Цо магийтина доцу жима я доккха цхьа а хІума дан йиш яц сан. Цу буьйсанна Дала, БалиІамна дуьхьал а веана, цуьнга элира: «И нах хьо дІакхойкхуш баьхкина хиларна, цаьрца дІаваха кечло, амма Аса хьайга де бохург бен ахьа ма делахь».
Выбор основного перевода