Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло элира: «ЛадогІа Сан дешнашка! Нагахь санна шун пайхамарш белахьара, Со царна я суьрташкахь дуьхьал хІуттур вара, я гІенашкахь дуьйцур дара Аса цаьрца. Цу буьйсанна Дала, БалиІамна дуьхьал а веана, цуьнга элира: «И нах хьо дІакхойкхуш баьхкина хиларна, цаьрца дІаваха кечло, амма Аса хьайга де бохург бен ахьа ма делахь». Шовкъ а еана, шена тІера бедарш дІа а яьхна, Шамъална хьалха Делера болу хаамаш беш дІахІоьттира иза. Цу дийнаххьий, бусий иза тІехь хІума а йоцуш Іиллира. Цундела олуш ду: «Шаул а ву техьа пайхамар?» ДогІа догІучу хенахь мархашна юккъера схьакхетта стелаІад санна, серло яра цунна гонах йогуш. Цул тІаьхьа со лаьтташ волчу метте тІевеара иза. И тІевеача, кхеравелла, бертал охьавуьйжира со. Цо элира соьга: «Хаалахь, адаман кІант, хІара сурт дуьненан чаккхенан заманца дозуш дуйла!» Сайна и гича, велча санна, Цуьнан когашка вуьйжира со. Ткъа Цо, суна тІе аьтту куьг а диллина, соьга элира: «Ма кхера. Со ву Хьалхарниг а, ТІаьххьарниг а.
Выбор основного перевода