Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Яванан кІентий бара: Элша, Таршаш, Хитам, Доданам. Шима Япатан воккхаха волу ваша вара. Шимин тІаьхьенах цхьаъ вара Іебар. Иза дерриге а Іебархойн тайпа долийнарг вара. Іебаран ши кІант вара: цхьана кІентан цІе ПалагІ яра, хІунда аьлча иза вехачу хенахь лаьтта тІехь адам декъадалар а, дІасадаржар а хилла. ПалагІан вешин цІе Якхтан яра. Цу хенахь БалиІамна Іамалекхахой гира. Цо иштта дешнаш элира: «Массо а къаьмнашна юкъахь Іамалекхахойн къам хьалхарниг ду, амма эххар а иза дакъазадер ду!» хІунда аьлча и воьддучу хенахь Хитам-махкара хинкеманаш цунна дуьхьало ян догІур ду. ТІаккха иза догдоьхна юхавоьрзур ву. Дала шеца барт бинчу халкъана дарлур ву иза. Цо кхочуш бийр бу шен лаам. Делаца биначу бартах юхабевлларш лорур бу цо.
Выбор основного перевода