Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мадани-махкара динан да волчу Мусан стундена Итарна хезира, Мусана а, Шен халкъ долчу исраилхошна а, уьш Мисар-махкара арабаьхча, Дала гІо дина аьлла. Мусас элира АхІароне: «ХІара дара Везачу Элана ала лууш хилларг, Цо иштта аьлча: „Суна уллохь болчара Со Веза хилар лара деза, ткъа дерриг а халкъана хьалха Сан сийлалла къобалдан деза“». Амма АхІарон вист а ца хуьлура. Шуна юкъара Аса схьахаьржинчу стеган Іасано заза доккхур ду. Иштта сацор ю Аса исраилхоша шуна дуьхьал еш йолу хамталлаш». ШолгІачу дийнахь Муса тоьшаллин четар чу ваьлча, цунна, хьаьжча, Левин тайпанца йоьзна йолчу АхІаронан Іасано, заза а даьккхина, чІенгаш тесна хилар гира. Ур-атталла, тІе зезагаш а даьлла, миндал олу, бІаран тайпа болу, стом беллера цо. Массо а исраилхойн тайпанашна юккъера хаьржина вацара Аса хьан дай шех схьабевлла волу АхІарон Сайн динан да хилийта а, сагІа доккхучу кхерче ваийта а, хаза хьожа йогІу хІума ягаяйта а, Суна хьалха динан дас лелош йолу ийпад лелаяйта а? Массо а Исраилан кІенташа Сан дуьхьа доккхуш долчу сагІанийн дакъа ца кхочуьйтура Аса хьан цІенна? Декъала ву Ахь хаьржинарг, Хьайн керташкахь Іайта Хьайна тІеозийнарг! Тхо Іаьбна хир ду Хьан цІийнан диканах, Хьо Іаш йолчу меттиган еза хиларх дузур ду тхо. Ткъа левихойн тайпанах долчу ЦІадукъин гаранах болу динан дай, Исраилан халкъ Сох дІадирзинчу хенахь Сан еза меттиг ларъеш болу, Суна улло кхача безаш бу, Суна хьалха гІуллакх дархьама. Уьш Суна хьалха лаьтташ хир бу, Суна сагІанийн мохь а, цІий а доккхуш’. Иштта боху Хьалдолчу Эло. ‘Уьш бен чубогІур бац Сан езачу меттиге, Сан шуьнна улло а богІур бу, Суна гІуллакх дархьама а, ха дархьама а. Делахь а Дала дІахІоттийна болу онда бух чІогІа лаьтташ бу. Цунна тІе дІаяздина хІара дешнаш ду: «Везачу Элана бевза Шен долахь берш». Кхин а боху: «ХІора а, ша Везачу Элан ву бохург, зуламах къахка веза».
Выбор основного перевода