Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу шина стага хаьттира ЛутІе: «Хьан доьзалх кхин цхьа а вуй хІокху гІалахь Іаш? Я невцарий, я кІентий, я йоІарий – милла велахь а кху гІалара араваккха. Оха хІара гІала йохор ю, хІунда аьлча Везачу Элана тІекхоьхьуш кху гІалара бахархошна дуьхьал дукха аьрзнаш ду. Цо дахкийтина тхо иза хІаллакьян». Ара а ваьлла, шен йоІаршна тІехьийзачу кІенташна тІевахара ЛутІа. «Сиха кху гІалара дІагІо, – элира цо, – Везачу Эло кестта йохор ю хІара». Амма царна моьттура ЛутІас забар йо. ДІадуьло, дІадуьло, арадовла цигара! Боьхачух дІа ма хьакхало. Арадовла цу чуьра, шаьш цІанде, Везачу Элан пхьегІаш лелош дерш! ТІаккха стигалара кхечу цхьана озо олуш хезира суна: «Сан халкъ, арадала оцу гІали чуьра, цигахь къинош леточарна юкъахь дакъалоцуш хьо ца хилийта, хьуна хьайна а, царна санна, цамгарийн ун ца кхетийтархьама.
Выбор основного перевода