Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шена и дерриг а гича, динан ден АхІаронан кІентан ЭлиІазаран кІанта Пайнехьаса, гулам а битина, шен гоьмукъ схьаийцира. Оцу исраилхочунна тІаьххье четар чу а ваьлла, цунах а, цуьнца йолчу зудчух а шен гоьмукъ чекх а баьккхина, и шиъ дийра Пайнехьаса. Цо и дешшехь, исраилхой хІаллак а беш, царна юкъахь даьржина долу ун сецира. Цуьнга а, цуьнан ерриге тІаьхьене а весет до Аса, уьш массо а заманахь динан дай хир бу аьлла, хІунда аьлча шен Делан дуьхьа иза кхиамца лелара, исраилхойн къинош дІа а дохуьйтуш».
Выбор основного перевода