Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Тхуна тІехь хьаькам а, кхелахо а хьо хьан хІоттийна? Айхьа вийна мисархо санна, со вен-м ца гІерта хьо?» – элира цу стага. ТІаккха Муса кхеравелира. «ХІинца ас динарг массарна а хиъна», – аьлла, дагадеара цунна. Исраилхошца болу тІебаьхкина нах шайн лаамаш гучубаха хІиттира. Цаьрца цхьаьна исраилхой а, резабоцуш, къамелаш дан буьйлабелира: «Тхуна жижиг хьан лур ду? Мисар-махкахь маьхза тхаьш биина чІара дагабогІу тхуна, цигахь наьрсаш а, пастанаш а, сийна хох а, саьрамсекх а боура оха. ХІинца тхо холчохь ду, „ман“ цІе йолчу цхьана кхачанан буьртигаш доцурш, оха юуш хІума яц». Амма ницкъ беш волчо элира: „Тхуна тІехь хьаькам а, кхелахо а хьан хІоттийна хьо? Иза исраилхоша тІе ца эцна волу Муса вара. Цара цуьнга аьллера: „Хьо хьан хІоттийна тхуна тІехь хьаькам а, кхелахо а?“ Дала Ша вохуьйтуш вара иза хІинца хьаькам а, адам паргІатадоккхург а вина. Коканийн куллахь хиллачу маликехула динера Дала и гІуллакх.
Выбор основного перевода