Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа Хьабула шен жена юкъара уггар тоьлла долу дуьххьарлера Іахарий деара. Веза Эла резахиларца хьаьжира Хьабуле а, цо деанчуьнга а. Ткъа Кхаиме а, цо деанчуьнга а реза воцуш хьаьжира Веза Эла. ЧІогІа оьгІазвахана, хьаьжа юккъе шад хІоттийра Кхаима. Со хІинца шуна хьалха ву. Везачу Элана а, Цо къобалвинчунна а хьалха тоьшалла дан мегар ду шуна соьгара даьллачу гІалаташна. Шуьгара цхьаьнггара а сту я вир схьаяьккхиний аса? Шуна цхьанна а халахетар диний, гІело йиний? Я кхаьънаш оьцуш, шуьгара даьллачунна тІехь сайн ши бІаьрг дІакъевлина аса? Схьаала соьга, иза аса шуна юхадерзор ду».
Выбор основного перевода