Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
АхІароне а, цуьнан шина кІанте, ЭлиІазаре а, Итамаре а, Мусас элира: «Сингаттаман билгалонна шайн коьртара месаш низам доцуш ма хилийта, духарш а ма этІаде, шаьш ца далийта а, халкъана тІе Делан оьгІазалла ца яийта а. Амма шун вежарий долу дерриг а Исраилан халкъ Везачу Эло латийначу цІеро багийначарна тийжа мегар ду. Уьш, Исраилан дерриге а халкъана юкъара схьа а къастийна, Аса АхІаронан а, цуьнан кІентийн а кара дІабелла, Исраилан халкъан дуьхьа цаьрга гуламан четарца доьзна долу гІуллакх дайтархьама а, халкъан къинош дІадахийтархьама а. ТІаккха бохам тІебогІур бац Исраилан халкъана, уьш муьлххачу а хенахь езачу меттигна улло баьхкича». Нехан багахь долу лекъарчийн жижиг диъна а далале, Везачу Элан оьгІазалла йоьссира халкъана тІе. Цо хала ун кхетийтира нахана. Царуятан кІанта Йоаба долийра халкъ дагардан, амма цо иза чекх ца даьккхира. И гІуллакх дарна Дела оьгІазваханера Исраилан халкъана, цундела цІерийн терахь Дауд-паччахьан паччахьаллин гІуллакхийн тептаран юкъа ца дахара. Шаьш лелориг бахьана долуш Дела оьгІазъоьхуьйтура цара, тІаккха царна тІе ун доьссира.
Выбор основного перевода