Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дала элира: «Со хьоьца хир ву. Ас хьо вахийтина хиларан хІара билгало хир ю: Мисарара ахь халкъ арадаьккхича, кху лам тІехь Суна Іамал йийр ю аша, Сан леш а хилла». Нагахь Балакха детих а, деших а дуьзна долу шен паччахьан цІа суна луш хилча а, Везачу Эло бохучунна тІера а ваьлла, Цо магийтина доцу жима я доккха цхьа а хІума дан йиш яц сан. Везачу Эло сайга схьабоххург бен дІаэр дац аса!» Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Шайга хаамаш беш болчу пайхамаршка ла ма догІа. Цара шу эрначу сатийсарех дузу. Цара беш берш шайн дегнаш чохь кхоьллинарш бу, Везачу Элера хаамаш бац. «Адаман кІант! Соьгара хаам бе Исраилан халкъан хІинца пайхамаралла деш болчу харцпайхамаршка. Шайн дегнашкара харцпайхамаралла деш болчаьрга иштта ала: „ЛадогІа Везачу Элера болчу хааме!“ Амма Сан тоьшалла Яхьъян тоьшаллел а сов ду. ХІунда аьлча Аса дан дезаш а долчу, Аса деш а долчу, Суна Сан Дас деллачу цу гІуллакхаша до Сох тоьшалла Сан Дас Со ваийтина хиларх. ХІунда аьлча стигалшкара схьа Сайн лаам кхочушбан веана вац Со, ткъа Со Ваийтинчун лаам кхочуш бан веана ву.
Выбор основного перевода