Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ШолгІачу дийнахь сатосучу хенахь маликаша сихвира ЛутІа. «Кху гІалина таІзар дийр ду, – элира цара, – хьайн цІахь йолу зуда а, ши йоІ а схьа а эций, дІагІо кхузара. ГІалахь дисахь, шу хІаллакьхир ду». ХІинца вита Со, царна Сан оьгІазло карзахъялийтархьама, Соьга уьш хІаллакбайтархьама. Ткъа хьох доккха халкъ кхуллур ду Ас». Мисархошка хІунда бохуьйтур ду: „Уьш Мисарара Цо мекарлонца арабаьхна, лаьмнашкахь уьш байа а, лаьтта тІера хьаькхна дІабаха а“. Хьайн оьгІазло дІа а яккхий, дохко а валий, хІаллак ма дехьа Хьайн халкъ. ХІунда аьлча Везачу Эло Мусага аьллера: «ДІаала исраилхошка: „Шу аьрха халкъ ду. Цхьана муьрана Со шуьца дІавеача а, Ас атта хІаллакдийр дара шу. Шайна тІера дашо хІуманаш схьаяха. Со хьожур ву шуна хІун дан деза“». «ДІа а хилий, оцу халкъах дІакъаста, бІаьрган негІар а тохале Соьга иза хІаллакдайтархьама». Ткъа и шиъ бертал охьавуьйжира.
Выбор основного перевода