Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Къа ду церан, хІунда аьлча Кхаиман новкъахула боьлхура уьш, БалиІам санна, кхаьънашка марзбелира уьш, Кхорахь санна, гІевттира уьш, ткъа иза санна, хІаллак а хир бу уьш. Цу хенахь, латта декъа а делла, уьш а, Кхорахь а лаьтто дІакхаьллира. Цаьрца цхьаьна Кхорахьна тІаьхьахІоьттина халкъ а делира, и ши бІе шовзткъе итт стаг цІеро вагийча. Исраилан халкъана дІахьедаран билгало хилира царах. Ткъа Кхорахьан тІаьхье дийна йисира. ТІаккха лаьтто, дІаса а декъаделла, Датан дІакхаьллира, Абирамна тІаьхьахІоьттина тоба лаьтто дІайоьллира.
Выбор основного перевода