Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шу Шена реза доцийла хиъна Везачу Элана, цундела кхана Іуьйранна Цуьнан олаллин нур гур ду шуна. Тхуна луьйш ду шу, ткъа тхан карахь хІун ду?» АхІарона исраилхошка къамел дечу хенахь, массо а, юха а вирзина, яьссачу арене хьаьвсира. ЦІеххьана царна мархина юккъехь Везачу Элан олаллин нур гира. Мусас элира: «Везачу Эло тІедиллинарг дерриг а кхочушдан деза аш, тІаккха Везачу Элан олаллин нур схьахІуттур ду шуна». ТІаккха Муса а, АхІарон а гуламан четарна чувелира. Цигара араваьлча, халкъ декъалдира цу шимма. Дерриг а халкъана Везачу Элан олаллин нур гучуделира. ТІаккха наха маьхьарий хьаькхира: «ТІулгаш детта царна!» – аьлла. Амма Везачу Элан олаллин нур доьссира Делан четарна тІе берриг а исраилхошна хьалха. Мусана а, АхІаронна а дуьхьалдаьлла долу дерриге а халкъ гулделлачу хенахь, уьш гуламан четар долчу агІор дІабирзича, царна гира четарна тІехула дІахІоьттина марха. Везачу Элан олаллин нур гучуделира.
Выбор основного перевода