Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІора тайпанара волу эзар стаг а, динан ден ЭлиІазаран кІант Пайнехьас а тІаме дІахьажийра Мусас. Пайнехьасан кара дІаелира езачу меттера йолу пхьегІаш а, тІамехь локху турбанаш а. Юх-юха а Везачу Эло царна мехкан куьйгалхо воуьйтура. Иза Ша вара цу куьйгалхошца, цаьргахула халкъ кІелхьара а доккхура Везачу Эло. Царна ницкъ беш, церан узарш хазарна, къинхетам бора Везачу Эло царах. Цига схьа а веана, Эпрайман лаьмнашкахь коьман маІа лекхира АхІуда. Цу маІан аз шайна хезча, Исраилан халкъ схьагулделира. АхІуд хьалхаваьлла а волуш, уьш лаьмнаш тІера охьабиссира. Сисрин эчигах йина исс бІе гІудалкх яра. Цо ткъа шарахь чІогІа хьийзийра Исраилан халкъ. Цундела исраилхой юха а Везачу Эле, мохь бетташ, орца даха буьйлабелира. Цо халкъе элира: «Исраилан халкъан Везачу Дала боху: „Аса шу, Мисар-махкара ара а даьхна, мисархойн куьйга кІелара схьа а даьхна, кхечу паччахьийн Іазапера кІелхьара а даьхна“. Хьажал шайна, Дела Ша ву тхан куьйгалхо, ткъа Цуьнан динан дай кийчча лаьтташ бу, шайн турбанашца орца даккхар хазийта, шуна дуьхьал тІом бархьама. Исраилхой! Шайн дайн Дела волчу Везачу Элаца тІом ма белаш, хІунда аьлча цу тІехь шун толам хир бац».
Выбор основного перевода