Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен стунден, маданхойн махкахь динан да волчу Итаран, уьстагІий дажош вара Муса. Цкъа уьстагІий дажош, генна яьссачу арахула дІавахна, Хьариб цІе йолчу Делан лам тІе кхечира иза. Везачу Эло Исраилан халкъе элира: «Шаьш мисархойн а, эмархойн а, Іамминхойн а, пІелаштамхойн а, Иза шуна хьалха ваьлла лелара, шуна совца меттигаш лоьхуш. Иза буьйсанна цІарца хуьлура, шу даха деза некъ шуна гайтархьама, ткъа дийнахь мархица хуьлура». Оцу дийнахь Юшайн орамах схьаваьлла стаг, кхечу халкъашна байракх санна, гучувер ву. Кхечу къаьмнех болчара иза лоьхуш хир ву, ткъа иза Іаш волу меттиг сийлалла хир ю. Везачу Эло иштта боху: «Туьрах кІелхьарбевллачу нахана яьссачу аренгахь Везачу Элан дика карийна. Исраилан халкъ шена синтем лохуш лелара».
Выбор основного перевода