Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Делан четар кхечу метте дахьа дезаш хилахь, иза левихошка хьалаайийта. Нагахь санна и четар охьадилла дезахь, иза левихошка охьа а диллийта. Амма цунна тІе левихойх воцу цхьа стаг тІегІортахь, иза вуьйр ву. Везачу Эло Мусага элира: «ГІиршанан гаранах берш багар а бай, церан хьесап де, шайн доьзалшка а, тукхамашка а хьаьжжина. Ткъе итт шарера шовзткъе итт шаре бевлла гуламан четар чохь гІуллакх дан магийна болу берриге а нах багарбе. ГІиршанан тІаьхьенах болчу наха, шаьш гІуллакх деш а, хІуманаш дІахьош а, хІара дан деза: гІиршанхоша дахьа деза: чухулара четар а, гуламан четар а, цуьнан кхалор а, цунна тІехула хІордан дийнатийн кІедачу тІаьрсигах йина йолу кхалор а, четарна чуволучу меттехь йолу шаршу а, четарна а, кхерчана а гонах йолу керт нисъеш йолу шаршуш а, кертан кевнехь йолу шаршу а, цаьрца доьзна долу машшаш а, оцу дерригенна а оьшуш болу гІирс а. Оцу хІуманашца доьзна дан дезаш мел долу гІуллакх а кхочушдан деза цара. АхІаронан а, цуьнан кІентийн а омрица кхочушдан деза ГІиршанан тІаьхьенах болчара шайна тІедиллина муьлхха а гІуллакх: хІуманаш дІахьош и делахь а, кхин болх шаьш беш белахь а. Цара дІахьош мел йолчу хІуманан дола дар тІедилла царна. Цу тайпана белхаш бан беза ГІиршанан тІаьхьенах болчу наха, шаьш Делан четарца доьзна долу гІуллакх деш, шайна тІехь куьйгалла деш динан ден АхІаронан кІант Итамар а волуш». «Мерарин гаранах берш багарбе, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина. Ткъе итт шарера шовзткъе итт шаре бевлла гуламан четар чохь гІуллакх дан магийна болу берриге а нах багарбе. Гуламан четарца боьзна болчу церан белхашка хьаьжжина, цара дІаяхьа езаш йолу хІуманаш хІорш ю: четаран гураш а, цуьнан хьокхий а, бІогІамаш а, цуьнан баххаш а, гонахарчу кертан бІогІамаш а, иштта церан баххаш а, чІагІдеш тухуш долу дечиган хьостамаш а, машшаш а, берриг цуьнан гІирс а, оцу хІуманашца боьзна болу белхаш бар а. Цара дІаяхьа езачу хІора хІуманан, цуьнан цІе а йоккхуш, хьесап де. Цу тайпана белхаш бан беза Мерарин тІаьхьенах болчу наха, шаьш Делан четарца доьзна долу гІуллакх деш, шайна тІехь куьйгалла деш динан ден АхІаронан кІант Итамар а волуш».
Выбор основного перевода