Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Къилбехьа йолчу агІор Раабанан тайпанан меттаматтан байракх хьалаойур ю, ткъа оцу тайпанах болу нах, шайн тІеман тобанашка хьаьжжина, цигахь дІанислур бу. Оцу тайпанна тІехь куьйгалла дийр ду Шидауран кІанта Элицура. Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе ялх эзар пхи бІе тІемало ву (46500). Раабанан тайпанна юххехь ШимІин тайпано шен меттамотт дІахІоттор бу. Оцу тайпанна тІехь куьйгалла дийр ду Цура-Шидин кІанта Шелумиала. Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе ткъайоьсна эзар кхо бІе тІемало ву (59300). Раабанан тайпанна юххехь Гадин тайпано а шен меттамотт дІахІоттор бу. Оцу тайпанна тІехь куьйгалла дийр ду РаІалан кІанта Элъясайпа. Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе пхи эзар ялх бІе шовзткъе итт тІемало ву (45650). Раабанан меттаматтахь вагарвинарг верриге а цхьа бІе шовзткъе цхьайтта эзар виъ бІе шовзткъе итт стаг ву, шайн тІеман тобанашка хьаьжжина. Уьш, исраилхой дІабоьлхуш, шолгІачу меттехь хир бу.
Выбор основного перевода