Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ибрамна хьалха хІоьттинчу Везачу Эло элира: «ХІара латта Ас хьан тІаьхьенна дІалур ду». Шена веанчу Везачу Элана лерина сагІа доккху меттиг кечйира Ибрама цигахь. Ахь аьлла ма ду: „Ас хьан аьтто бийр бу, хІордан гІум санна, ягар ца яллал тІаьхье а кхиор ю“». Шайн да РаІал волчу бахара йоІарий. Дас хаьттира: «Тахана ма хьалхе даьхкина шу цІа?» ТІевахана, иза мисархойн Іазапах кІелхьара а даьккхина, цу махкара арадоккхур ду Ас. Дикачу а, боккхачу а, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу, канаІанхойн а, хьетахойн а, эмархойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а махка дІадуьгур ду Ас Сайн халкъ. Шун Дела а хилла, шух Сайн халкъ дийр ду Ас, тІаккха шуна хуур ду Со Веза Эла, шун Дела вуйла, шу мисархойн Іазапах кІелхьардаьхна волу. Айса ИбрахІимна а, Исхьакхана а, Якъубана а дІалур ду аьлла, куьг а айина чІагІо йинчу лаьтта тІе шу дІадуьгур ду Ас, иза шуна тІаьхьалонна дІа а лур ду. Со Веза Эла ву“». Цигахь, Хьебар цІе а йолуш, кхенахойх волу цхьа стаг вара. Иза шен халкъах дІакъаьстинера. (Кхенахой Муса-пайхамаран стунваша волчу Хьабабан тІаьхьенах бу). Хьабаба шен четар Кхедашана уллохь йолчу ЦаІнаним цІе йолчу меттехь ножан хьунна уллохь дІахІоттийнера.
Выбор основного перевода