Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«ДІаала исраилхошка: „ВорхІалгІачу беттан хьалхарчу дийнахь садаІа. МаІаш а локхуш, безачу гуламе нах а кхайкха, дагалацаран де а хІоттаде цу дийнахь. «ВорхІалгІачу беттан хьалхарчу дийнахь, аша беза гулам дІахІоттабе. Цу дийнахь вукху деношкахь санна болу болх ма бе. Локхучу маІийн деза де хир ду шуна. Зурманчаш болу берриге а левихой – Асайп, ХІайман, Ядутун, церан кІентий а, вежарий а – тІехь дуткъачу кІадих дина духар а долуш, цІастанан жима негІарш а, тайп-тайпана дечиган пондарш а лоькхуш, сагІа доккхучу кхерчан малхбалехьа агІор лаьтташ бара. Цаьрца цхьаьна цхьа бІе ткъа динан да вара, турбанаш лоькхуш. Турба лоькхурш а, илланчаш а, цхьаъ болуш санна, эбина мукъам балош лаьттара, Везачу Элана хастамаш а беш, Цунна баркалла а бохуш. Турбанашца а, цІастанан жимачу негІаршца а, кхечу гІирсашца а цхьаьна айдинчу озаца цара Везачу Элана хастамаш бора: «Веза Эла ма дика ву! Цуьнан безам хедар боцуш бу!» Оццу юкъана Везачу Элан цІа мархах дуьзира. Динан дай бара шайн декхарш кхочушдеш лаьтташ. Дауд-паччахьо кечбайтинчу зурманийн гІирсашца лаьтташ бара левихой. «Везачу Элан безам цкъа а хедар бац» а бохуш, Везачу Элана хастамаш мосазза бо, Дауд-паччахьо и зурманийн гІирсаш лелабойтура. Левихошна дуьхьал а лаьтташ, динан дайша коьман маІаш лоькхура. Исраил-мехкан дерриге а халкъ лаьтташ дара цигахь. Дауд-паччахьо юкъабаьккхина хилла гІирс карахь болу левихой а, локху турбанаш карахь йолу динан дай а дІахІиттийча, Хьузакх-ЯхІус омра дира, дагоран сагІина урс хьаькхна долу дийнаташ кхерча тІе дахка аьлла. СагІа даккха долийча, локхучу турбанашца а, исраилхойн паччахь хилла волчу Даудан гІирсашца а зурма а лоькхуш, Везачу Элана лерина эшарш лекха йолийра. Халкъан берриг а гуламо а Іибадат дора, илланчаша эшарш лоькхуш а, турбанаш екаш а йолчу хенахь. Иза иштта лаьттара, дийнаташ дагоран сагІа даккхар чекхдаллалц. Коьман маІа лакха бутт цІинлучу хенахь а, бутт бузар вайн дезде долчу хенахь а. Иштта ду Исраилан халкъана делла парз, иза ду Якъубан Дала тІедиллинарг. Иза Дала Юсупан тІаьхьенна тІедиллина, Мисар-махкана дуьхьал Иза араволучу хенахь. Сайна бевзаш боцу мотт суна хеза:
Выбор основного перевода