Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Малхбалехьа, малх схьакхетачу агІор, ЯхІудан тайпанан меттаматтан байракх хьалаойур ю, ткъа оцу тайпанах болу нах, шайн тІеман тобанашка хьаьжжина, цигахь дІанислур бу. ЯхІудан тайпанна тІехь куьйгалла дийр ду Іамминадабан кІанта Нахьшона. Цуьнан эскарехь вагарвинарг кхузткъе вейтта эзар ялх бІе тІемало ву (74600). ЯхІудан тайпанна юххехь Иссарханан тайпано шен меттамотт дІахІоттор бу. Оцу тайпанна тІехь куьйгалла дийр ду ЦуІаран кІанта Натунаила. Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе вейтта эзар виъ бІе тІемало ву (54400). ЯхІудан тайпанна юххехь Забулан тайпано а шен меттамотт дІахІоттор бу. Оцу тайпанна тІехь куьйгалла дийр ду Хьелонан кІанта Элиаба. Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе вуьрхІитта эзар виъ бІе тІемало ву (57400). ЯхІудан меттаматтахь вагарвинарг верриге а цхьа бІе везткъе ялх эзар виъ бІе стаг ву, шайн тІеман тобанашка хьаьжжина. Уьш исраилхой дІабоьлхуш хьалхабевлла баха беза. Хьалха ЯхІудан тІаьхьенах болчу наха айира байракх, тІеман кепехь шайн тобанаш арайовлуш. Царна тІехь куьйгалла деш Іамминадабан кІант Нахьшон вара.
Выбор основного перевода