Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дуьхьалволийла Дела Шен мостагІашна, хІаллакьхуьлийла Цуьнан мостагІий. ДІауьдийла Далла хьалхара Иза цавезарш. Мохо дІасабаржош болу кІур санна, дІасабаржабойла Ахьа уьш . ЦІеро башош болу балоз санна, хІаллакьхуьлийла Делан лаамехь боцурш . Амма Ша ца везачарна доггІург Цо дийр ду, уьш хІаллак а беш. Иза хьелур вац, Ша ца везачунна хІоранна шена-шена догІу таІзар дан. ‘Сайн къегаш долу тур Ас ирдича, Сан куьйго кхел яран герз схьаэцча, Ас бекхам бийр бу Сайн мостагІашна, Со ца везачарна а дийр ду царна доггІург.
Выбор основного перевода