Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шаьш долчохь ваха хиъна волу тІевеана стаг, шайн махкахо санна, лара. Хьо санна, веза иза, хІунда аьлча шу а дара Мисар-махкахь тІедаьхкина Іаш. Со шун Веза Дела ву. Мусан стунда волчу кхенахочун Итаран тІаьхье, яхІудхошца хурма-диттийн гІалара дІа а яхана, ЯхІуд-мехкан яьссачу аренга цигахь бехаш болчу нахана юкъахь Іен дІаяхара. И меттиг яра Іарод-гІалина генахь йоццуш. Цигахь, Хьебар цІе а йолуш, кхенахойх волу цхьа стаг вара. Иза шен халкъах дІакъаьстинера. (Кхенахой Муса-пайхамаран стунваша волчу Хьабабан тІаьхьенах бу). Хьабаба шен четар Кхедашана уллохь йолчу ЦаІнаним цІе йолчу меттехь ножан хьунна уллохь дІахІоттийнера. Дуьненан массо а маьІІера адамаш, Иза къобал а вина, Везачу Элана тІедоьрзур ду. Массо а къаьмнийн болчу доьзалша, охьа а таьІна, Цунна Іибадат дийр ду. ХІунда аьлча Везачу Элан ду паччахьалла. Цо дерриге а къаьмнашна тІехь олалла до. Лаьттахь токхо а йолуш Іаш болчара, Цунна Іибадат а деш, сагІа дуур ду. Коше а кхаьчна, чан хилларг а, дахар лардар шен карахь доцург а – массо а Цунна хьалха суждане гІур ву. Хинйолу тІаьхье Цунна Іамал еш хир ю. Ткъа цара шайн берашка Везачу Элах лаьцна дуьйцур ду. Схьа а баьхкина, Цо лелийначу нийсонах лаьцна дуьйцур ду, дуьнен чу девр долчу адамашна Цо кхочушдинчух лаьцна дуьйцур ду.
Выбор основного перевода