Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла царна хьалхаваьлла воьдуш вара. Царна некъ гойтуш, дийнахь марханех хиллачу бІогІамна юкъахь вогІура иза, буьйсанна – цІеран бІогІамна юкъахь, царна серло а луш, уьш дийнахь а, буса а дІабахийта. Делан четар дІахІоттийначу дийнахь оцу тоьшаллин четарна тІе марха хІоьттира. Сарахь дуьйна сахиллалц четарна тІехула йолу марха цІе санна гуш яра. Иза гуттара а иштта хуьлура: дийнахь четарна тІехула марха сецна лаьттара, ткъа буьйсанна и марха йогуш йолу цІе санна хуьлура. Четарна тІера марха хьалаайаелча, исраилхой новкъа бовлура, ткъа и марха сецначу меттехь цара шайн меттамотт дІахІоттабора. Исраилхой Везачу Элан омрица новкъа а бовлура, Цуьнан омрица совца а совцура. Марха четарна тІехь сецна лаьттачу массо а ханна исраилхой шайн меттаматтахь совцура. Нагахь марха четарна тІехь сецна дукха лаьттича, исраилхой а, шайга Везачу Эло ма-бохху, кхидІа новкъа ца бовлура. Наггахь и марха четарна тІехь сецна кІеззигчу хенахь бен ца лаьттара. Дукха хан я кІезиг хан иза елахь а, Везачу Элан омрица уьш совца а совцура, Цуьнан омрица новкъа а бовлура. Наггахь, сарахь тІе а хІуттий, сахиллалц бен ца соцура марха. Іуьйре тІееача, марха хьалаайалора, тІаккха исраилхой новкъа бовлура. Дийнахь я буса иза делахь а, марха хьалаайаелча, исраилхой новкъа бовлура. Ткъа нагахь марха шина дийнахь я цхьана баттахь, я кхин а дукха йолчу хенахь сецна лаьттича, исраилхой а совцура, новкъа а ца бовлуш. Марха хьалаайаелча, уьш а бовлура новкъа. Везачу Элан омрица исраилхой совца а совцура, Цуьнан омрица новкъа а бовлура. Везачу Эло Мусагахула тІедиллина ма-хиллара, кхочушдора цара Везачу Элан омра. Цо марха яржийра, Шен халкъ дІахьулдархьама, буса Цо цІе хилийтира, царна серло ялархьама.
Выбор основного перевода