Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Везачу Эло хІоралла а, хорша а, хьу кхетар а, йокъа а, бовха мох а, мекха а хоьцур ю шуна тІе. Цара хьийзор ду шу хІаллакьхиллалц. Тешаме доцу, цуьнан йиша йолу ЯхІудан халкъ цІеначу дагца Суна тІе ца дирзира, цо Суна моттаргІанаш лелайора, ша тІедирзина моттуьйтуш», – боху Везачу Эло. Шайн готанийн хьонхалех тарраш де, маьрсех – гоьмукъаш бе. ГІорасиза волчо а ала: ‘Со ницкъ болуш ву’. Шун куьйгаша мел динчунна Ас кІен кІора а, мекха лацар а, къора тохар а нисдолуьйтура. Амма тІаккха а Суна тІе ца доьрзура шу, – боху Везачу Эло. –
Выбор основного перевода