Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
МостагІчо гІалин пенах доккха Іуьрг даьккхича, берриг а Ярушалаймера тІемалоша дІабовда кечам бира. Хашадхой гІалина го бина лаьттинехь а, буьйсанна паччахьан бешана уллохь болчу шина пенна юккъехь лаьттачу кевнехула гІали чуьра араделира массо а эскар. Иза Іариба-тогІи йолчу дедда дІадахара. Уьш хьоьжуш болчу хенахь, хьайн пенах Іуьрг а даккхий, цигахула аравала. Царна юкъара волу баьчча, бодашкахь шен карара ларчанаш белшаш тІе а ехкина, аравер ву. Иза цигара аравалийта, пенах Іуьрг доккхур ду. Ткъа цо шен юьхь дІакъовлур ю, ша воьду некъ шена ца гайта.
Выбор основного перевода