Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Хьан Суна дуьхьал дералла хиларна а, хьан цавашар Сан лере кхачарна а, хьан мерІуьргех Сайн чІуг а чекхйоккхур ю, хьан бага Сайн дуьрстанан гаьллаш а йохкур ю Аса. Хьо схьавеанчу новкъахула юха а верзор ву Аса’“. Гуттаренна а цкъа Сайн возаллех Ас чІагІо йина: Дауде Аса цкъа а харцдерг дуьйцур дац. Хьан Суна дуьхьал дералла хиларна а, хьан цавашар Сан лере кхачарна а, хьан мерІуьргех Сайн чІуг а чекхйоккхур ю, хьан бага Сайн дуьрстанан гаьллаш а йохкур ю Аса. Схьавеанчу новкъахула хьо юха а верзор ву Аса’“. «Кестта Аса дуккха а чІерийлецархой хьажор бу цига, – боху Везачу Эло. – Цара и нах схьалоьцур бу. Цул тІаьхьа Аса иччархой бохуьйтур бу, цаьрга и нах массо а лаьмнашкара а, гунаш тІера а, тархашна юккъехь йолчу хераллашкара а дІабахийта. Амма Аса хьан мочхалех мІара а тесна, хьан пелагашна тІе хьан хиш чуьра чІерий а латийна, хьо цу Нил-хи чуьра схьабоккхур бу, хьан пелагашна тІелеттачу чІерашца цхьаьна. Ас юхаверзор ву хьо. Хьан мочхална юккъе мІерий а дехкина, Ас аравоккхур ву хьо а, дерриг а хьан эскар а – кхоччуш тІамана кечбелла болу дошлой а, говраш а. Иза вуно йоккха эскархойн тоба хир ю. ТІемалой даккхий а, жима а турсаш долуш хир бу, карахь тарраш а долуш. Ша-шех чІагІо йо Хьалдолчу Эло, массо а ницкъийн Везачу Дала иштта боху: «Суна ца еза Якъубан куралла, Со ца веша цуьнан исбаьхьачу гІишлойх, Ас гІала а, гІалахь мел дерг а дІалур ду мостагІашна». Исраилан халкъах дозалла дечу Везачу Эло чІагІо йора: «Билггала цкъа а церан гІуллакхех цхьа а дицдийр дац Аса!
Выбор основного перевода