Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Везачу Эло исраилхойн а, мисархойн а даьхни доькъур ду. Исраилан халкъан даьхнина юкъара цхьа а хьайба лийр дац“». Амма исраилхой Іаш болчохь, ГІашанахь, къора ца туьйхира. Мусас шен куьг стигала кховдийча, Мисарахь кхаа дийнахь буькъа бода хІоьттира. Вовшийн ган а ца гуш, шаьш Іачуьра хьала а ца гІовттуш кхо де даьккхира наха, ткъа исраилхойн цІенош долчохь серло яра. Ткъа шу шайн дола даккха тІедоьлху и латта лаьмнаш а, тогІеш а йолуш ду. Оцу лаьтто стигаларчу догІанийн хи молу. Цхьа хан яьллачу хенахь, догІанаш ца дарна, оцу Іин чуьра хи лекъира. Нагахь Аса, стигал дІа а къевлина, догІа ца даийтича а, я цІоз тІе а хецна, цуьнга латта даийтича а, я адам хІаллак а деш, цамгар яржийча а, Ахьа къинош летор бахьана долуш догІанаш а севцинера, бІаьста догІу догІа а цхьаьна. Амма тІаккха а хьуна эхь ца хетара – хьан юьхь кхахьпанан санна яра, эхь ца хеташ. Муьлхха а дика а, кхачаме а совгІат лакхара, стигалан серлонаш кхоьллинчу Дегара догІу. Иза, уьду мархаш санна, хийцалуш вац.
Выбор основного перевода