Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Цаьрга иштта дІаала: „ЦІера тІехь аша Везачу Элана лерина даккха дезаш долу сагІа хІара ду: хІора денна бан беза дийнаташ дагоран сагІина лерина шо кхаьчна болу шайна тІехь цхьа а сакхт доцу ши боьрша Іахар. Цхьа Іахар Іуьйранна баго беза, шолгІаниг – суьйранна. Кхо шо хан яьлча, шаьш кхиийна долчух уьтталгІа дакъа дерриге а дІа а къастадай, оццу шарахь шайн гІаланашкахь дІадилла. Ткъа хьо, Исраилан халкъ, – боху Хьалдолчу Эло, – дало, шух хІора, шайн цІуйн гІуллакх а деш лела! Амма цул тІаьхьа, аша Соьга ла ца догІахь, Сан еза цІе аша кхин сийсазйохур ма яц шайн сагІанашца а, шайн цІушца а! «Ва Исраилан халкъ! Хьо кхахьпа санна лелахь а, яхІудхоша ма летадахьара изза къа! Шу Галгал-гІала а ма гІо, Байт-Аван-гІала хьала а ма довла. Ма баха, дуйнаш а бууш: „Дийна волчу Везачу Элах чІагІо йо ас!“ «Исраилхошна церан къинош бахьанехь Айса таІзар дечу дийнахь Бетал-гІалахь долу сагІа доккху кхерчаш дохор ду Ас. СагІа доккхучу кхерчийн уггар деза дакъош – церан маІаш, хеда а йина, лаьтта охьатуьйсур ю. Бетал-гІалахь Со ма лехалаш, Галгал-гІала ма гІолаш, Беар-ШабаІе ма кхачалаш, хІунда аьлча Галгал-гІала йийсаре гІур ю, ткъа Бетал-гІала хІумма а йоцург хилла дІахІуттур ю».
Выбор основного перевода