Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Цхьаммо и сагІа баркаллин сагІа санна даккхахь, сагІа доккхучу дийнатца цхьаьна цо зайтдаьтта тоьхначу демах дина совсаза бепиг а, зайтдаьтта тІехьаькхна дуткъа совсаза хьокхамаш а, зайтдаьттанца эдинчу тоьллачу демах йина совсаза локъамаш а схьаян еза. Цул сов, морзанна тІехь дина бепиг а схьадан деза цо, баркаллина бертан сагІа доккхуш. «ДІаала АхІароне а, цуьнан кІенташка а, берриг исраилхошка а: „Нагахь исраилхойх я царна юкъахь тІевеана Іаш волчух цхьаммо цхьана нигатца я даггара леларца дийнаташ дагоран сагІа Везачу Элана лерина доккхуш делахь, Нагахь цхьаммо шен нигатца я даггара леларца Везачу Элана лерина бертан сагІина доккха я жима дийнат далийнехь, иза сакхт доцуш хила деза, Дела цунна резахилийта. Дийнаташна тІехь цхьа а сакхт хила йиш яц. Амма Сан халкъо Сан озе ла ца дугІура, Исраилан халкъ Суна къера хила лууш а дацара. Цундела Ас цуьнга цуьнан даго боххург дойтура, шена луъург а дойтуш, лелийтира. Исраилан халкъ, кхидолу халкъаш санна, хазахетар тІехдолуьйтуш доккха ма де. Хьайн Делах дІа а дирзина, ахьа кхахьпалла леладора. Кхахьпанан алапа хьуна дукхадезара кІа оруш йолчу массо а хьаьттаршкахь. Везачу Эло боху: «Суна Исраилан халкъ схьакарийча, яьссачу аренгахь кемсаш каро хан санна хилла иза. Суна шун дай гича, инжиран дитта тІехь хьалххе хуьлу дуьххьарлера инжир санна хилла иза. Амма уьш БаІал-ПаІорна тІебахча, сийсаза долчунна юкъаозабелира. Иза а дина, шайна везавелла цІу санна, маьттаза бевлира уьш.
Выбор основного перевода