Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Со маца охьахоу а, со маца хьалагІотту а хаьа Хьуна. Сан ойланаш а евза Хьуна геннара а. Цо къекъийтича, стигалан хиша гІовгІа йо. Дуьненан йистошкара Цо мархаш хьалаайайо. ДогІанаш а догІуш, Цо хаьштигаш до, Шен чІоьнашна чуьра мох а арабоккху. Шайн Везачу Делан сий де, Цо бода тІебаийтале, маьркІажехь долчу гунаш тІехь шайн когаш тийсабалале. Аша серлоне сатуьйсу, амма Цо цунах Іаьржа бода бийр бу. Амма ву стигалшкахь къайленаш дІайоьллуш волу Дела. Цо дІадоьллу Набухди-Нецар-паччахьна тІаьхьарчу заманчохь хиндерг. Хьо дІавижна волуш хьан коьрта чохь хьуна гина гІан а, сурт а иштта дара: Хьан кхоьллина ВорхІ Седа а, Орион а? Хьан еш ю Іожаллин ІиндагІах сирла Іуьйре, ткъа дийнах Іаьржа буьйса? Хьан тІегулдо хІордан хиш? Уьш лаьтта тІехула Хьан дІасадаржадо? Цуьнан цІе – Веза Эла ю! Аша иза дарна, шу махках а даьхна, Дамасакхана дехьа дохур ду Ас», – боху Везачу Эло. Цуьнан цІе – массо а ницкъийн Веза Дела ю. Дала Шена лерина хІусамаш стигалшкахь йина, ткъа Шен стигалан нартол лаьтта тІехь дІахІоттийна. Цо хІордан хиш схьа а гулдо, уьш лаьтта тІехула дІа а Іанадо. Цуьнан цІе – Веза Эла ю! ХІунда аьлча Шен езачу меттигера араволуш ву Веза Эла. Охьа а ваьлла, лаьттан лакхенаш хьоьшур ю Цо –
Выбор основного перевода