Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Везачу Эло шен таІзар хьан арахь лаьттачу даьхнина тІе дерзор ду. Хьан говрашна, варрашна, эмкалшна, стерчашна, уьстагІашна, гезаршна тІе даьІнаш долу луьра ун кхетар ду. ШолгІачу дийнахь Ша аьлларг кхочушдира Везачу Эло. Мисархойн дерриг а бежанаш делира, ткъа исраилхойн цхьана а хьайбанна хІумма а ца хилира. Буьйса юккъе яхача, Везачу Эло Мисар-махкахь массо а хьалха вина кІант валийтира, паччахьан гІантахь Іаш волчу пирІунан хьалхарчу доьзалхочунна тІера набахти чохь волчу стеган доьзалхочунна тІекхаччалц. Хьалха дуьнен чу даьлла боьрша даьхни а далийтира. Мисархошна хилла йолу даьІнаш долу цамгар а, дестар а, соьла оьху даьІнаш а, кІамдар а кхоьтуьйтур ду шуна Везачу Эло. Дарба ца далуш хир ю и цамгарш. Мисархошна кхетта долу, шу кхийрина долу ун хуьлуьйтур ду шуна. Иза летар ду шух. ЯхІу-Ахьаз-паччахьан эскарх виснарг шовзткъе итт дошло а, итт тІеман гІудалкх а, итт эзар гІашло а бен вацара, хІунда аьлча арамхойн паччахьо и эскар дохийна дІадаьккхира, когаш кІел хьоьшу чан санна эскархой а беш. Цо Шен оьгІазаллина некъ баьккхира, цхьа а стаг Іожаллех кІелхьар а ца ваьккхира, церан дахар Іожаллин уьнна дІаделира. Амма халкъ шена Йиттина Волчунна тІе ца дирзина, массо а ницкъийн Веза Эла ца лехна цо. Цундела массо ницкъийн Везачу Эло элира: «Аса царна таІзар дийр ду. Церан кегий нах туьро бойур бу, ткъа кІентий а, зудабераш а мацалла лийр ду. Цундела хІоттаехьа церан берашна мацалла, довзийтахьа царна тур а. Церан зударий берех бовлийла, иштта бисина а Іойла уьш. ХІаллакбойла церан майранаш а, ткъа церан къонахой тІамехь туьраца байийла. Бассалуш бу Муаби-мохк, цуьнан гІаланаш а ю йогуш, цуьнан тоьлла кІентий а бу хІаллакьхуьлуш, – боху Шен цІе массо а ницкъийн Веза Эла йолчу Паччахьо. – Къилбаседехьара деана эскар Ас шуна генадоккхур ду. Хи доцучу, баьссачу махка дІаэккхор ду Аса иза. Цуьнан хьалхара арданг Малхбале хІорда чу кхуссур ю, ткъа тІаьхьарниг – Малхбузе хІорда чу. ТІаккха цунах цхьа боьха хьожа йогІур ю, яхкаеллачу хІуманийн боьха хьожа хьалаетталур ю, цо шуна сийлахь гІуллакхаш дарна.
Выбор основного перевода