Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Алссам йолчу старгІанаша го бина суна. Башанерачу стерчаша го лаьцна сан. Шайн дежийлашкахь санна, Іахарий дежар ду, ткъа хьолахоша дІатесначу боьхначу бахамашкахь хийрачу наха хІума кхоллур ю. Цаьрга ала: „Исраил-махкара лаьмнаш! ЛадогІа Хьалдолчу Элера долчу даше. Лаьмнашка а, гунашка а, боьранашка а, тогІешка а Хьалдолчу Эло боху: Шуна тІе тур хьажор ду, шун сагІа доккху гунаш дохорхьама. Аша майрачу тІемалойн дилха дуур ду, Лаьттан элийн цІий а мер ду, ткъа уьш Башанехь дустийна уьстагІий а, Іахарий а, гезарий а, стерчий а санна хир бу. Закъалт а делла, схьаэцна йолу бедарш тІе а юхий, Іохку уьш сагІанаш дохучу муьлххачу а меттехь. Шаьш гІуда тоьхна болчу нахера схьаэцна долу чагІар муьйлу цара шайн Делан цІа чохь. Ашдод-гІалин а, Мисар-мехкан а паччахьийн цІеношкахь Іаш болчаьрга дІакхайкхаде: «Схьагулло Шамран-гІалин лаьмнаш тІе, хьовса уьш мел низам доцуш бу, цара мел бечу ницкъе», – алий. Иштта аша мисканиг охьа а теІош, цуьнгара ялтица совгІаташ а дохуш, шайна хьаькхначу тІулгех цІенош дийр ду, амма царна чохь дехар дац шу. Кемсийн бошмаш кхиор ю аша, амма царах даьлла чагІар мер дац, Декъаза бу Цийон-лома тІехь гІайгІане а боцуш Іаш берш, Шамранан ломахь шаьш маьрша хеташ берш, хьалхе йоккхучу халкъан цІе яххана берш, шайна тІе Исраилан цІа тІедогІуш болу. Кедаш чуьра чагІар муьйлу аша, уггар а дикачех хьакхарш хьоькху, амма Юсупан цІенна хин болчу бохамех доьлхуш дац шу! Иза хир ду хьал доцурш детих эца а, мисканаш шина мачех хийца а, дІаден мегаш доцу хІу дохка а».
Выбор основного перевода