Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Ша дина бераш а, уьш хуьлуш шен дегІах схьакъаьстина беран цІа а лур дац цо нахана, хІунда аьлча дан амал ца хиларна къайлаха дуур ду цо уьш, го а лаьцна, мостагІаша шайн гІаланашкахь шу балане лаьцча. Хьалдолу Эла волу берриге а ницкъийн Веза Эла Ярушалаймера а, ЯхІуд-махкара а массо а тайпана гІо а, гІоьнча а дІаваккха хІутту. Цо дІабоккхур бу баьпкаца а, хица а бина кечам а, Ас элира: «Ва Веза Эла! Тешаме хиларе Хьо ма хьоьжу! Ахьа царна туьйхира, амма уьш ца лазийра. Ахьа царна таІзар дира, амма цара шаьш нис ца байтира. Цара шайн яххьаш тІулгал а чІогІа чІагІйина, Хьуна тІедерза царна ма ца лаьара. Аренга Со араваьлча, туьро хІаллакбинарш го Суна, гІала Со чувеача, мацалло кІелбитинарш а го. Пайхамарш а, динан дай а бу лаьттахула кхетам дІабаьлла лелаш“». КІа мохехь цІандаре терра, Аса уьш оцу мехкан массо а гІаланашкара аракхуьссур бу. Сан къоман бераш дІа а даьхна, Аса уьш хІаллакбийр ма бу, шайн харцачу новкъах уьш дІа ца бирзина дела. Шун куьйгаша мел динчунна Ас кІен кІора а, мекха лацар а, къора тохар а нисдолуьйтура. Амма тІаккха а Суна тІе ца доьрзура шу, – боху Везачу Эло. –
Выбор основного перевода