Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Іумарис Шамран лам ийцира Шамрера, ши гали дато ахча а делла. Оцу гу тІехь гІала йира Іумарис. Цунах Шамран-гІала элира цо, и лам долахь хиллачу Шамрин цІарах. И дерриг а хиллачул тІаьхьа хІара хилира. ИзраІалхочун Набутин ИзраІал-гІалахь кемсийн беш яра. Иза Шамран-гІаларчу Ахьаб-паччахьан цІенна уллохь яра. Цхьана дийнахь Ахьаба элира Набутига: «Хьайн кемсийн беш суна схьало, соьга цунах хасстоьмийн беш яйтархьама, хІунда аьлча и беш паччахьан сан цІенна уллохь ю. Ткъа аса хьан бешал гІоле йолу кемсийн беш лур ю хьуна цунна дуьхьал. Я хьуна лаахь, цу бешах богІуш болу мах лур бу аса хьуна». Амма Набутис Ахьабе жоп делира: «Ларвойла со Везачу Эло, сайн ден тІаьхьалонах дерг хьуна дІадаларх!» ИзраІалхочо Набутис шега, лур дац аса хьуна сайн ден тІаьхьалонах дерг аларна, чІогІа дог а доьхна, оьгІаз а вахана, цІа веара Ахьаб-паччахь. Иза, пенехьа дІа а вирзина, шен метта охьавижира. Цо яа хІума а ца йоура. Ахьабан зуда Изабал чуелира. Цо Ахьабе элира: «Хьан дог а стенна доьхна, юург а хІунда ца йоу ахьа?» Ахьаба зудчуьнга жоп делира: «ИзраІалхо волчу Набутига: „Схьало суна хьайн кемсийн беш! Йохка иза суна, я, хьайна лаахь, вукху кемсийн бешах хийцахьа“, – аса шега аьлча, цо ша иза лур яц элира». ТІаккха Ахьабан зудчо Изабала цуьнга элира: «Ткъа хьо ма ву исраилхойн паччахь?! Хьала а гІаттий, хьайн яа хІума а яа, синна паргІат а хила. Аса схьайоккхур ю хьуна израІалхочун Набутин кемсийн беш». Изабала Ахьабан цІарах кехаташ яздира. ТІаккха цуьнан мухІарца уьш чІагІ а дина, Набути вехачу гІалахь болчу къаношка а, цІеяхана болчу нахе а дІахаийтира. Кехаташ тІехь цо иштта яздора: «Марха а лаций, халкъана юкъа баьрчче охьахааве Набути. Ткъа цунна дуьхьал ши зуламхо охьа а хаавай, цунна дуьхьал тоьшалла а деш, цаьрга дІаалийта: „Ахьа Дела а, паччахь а емалвеш хІума элира“. ТІаккха гІалара ара а ваккхий, валлалц тІулгаш кхисса цунна тІе». Набути вехачу гІалара наха, къаноша, хьоладайша, Изабала шайна тІе-ма-диллара, цо шайга даийтинчу кехаташ тІехь яздина ма-хиллара кхочушдира. Цара, марха а лаьцна, халкъана юкъахь баьрчче охьахаийра Набути. ТІаккха ши зуламхо, цунна дуьххьал охьа а хиъна, оцу халкъана хьалха шайн тоьшаллаш дан вуьйлира. Цара бохура: «Набутис Дела а, паччахь а емалвеш хІума элира». Цара Набути гІалара ара а ваьккхина, цунна тІе тІулгаш а кхиссина, иза вийра. ТІаккха Изабале хаам бан нах бахийтира, Набутина тІе тІулгаш а кхиссина, иза вийна аьлла. ТІе тІулгаш а кхиссина, Набути вийна аьлла шена хезча, Изабала Ахьабе элира: «Хьала а гІаттий, хьайна йохка ца лиъначу израІалхочун Набутин кемсийн беш хьайн дола яккха, хІунда аьлча Набути велла». Набути вийна аьлла шена хезча, Ахьаб хьалагІаьттира, израІалхочун Набутин кемсийн беша а вахана, иза шен дола яккхархьама. Ашдод-гІалин бахархой а хІаллакбийр бу Ас. Ашкхилун-гІалахь олаллин гІаж дІалаьцнарг а вохор ву Ас. Іекхран-гІалина тІе а кховдор ду Ас Сайн куьг, пІелаштамхойх дисина халкъ а хІаллакьхир ду», – боху Хьалдолчу Эло. ЛадогІа кху даше, Шамранан лам тІехь долу Башанан хьийкъина шинарш санна болу зударий. Шу гІийлачарна ницкъбийраш а, мисканаш Іазапехь латтош берш а, шайн хІусамдайшка: «Схьада чагІар, оха мер ду!» – бохурш ду. Декъаза бу Цийон-лома тІехь гІайгІане а боцуш Іаш берш, Шамранан ломахь шаьш маьрша хеташ берш, хьалхе йоккхучу халкъан цІе яххана берш, шайна тІе Исраилан цІа тІедогІуш болу. Иза хир ду хьал доцурш детих эца а, мисканаш шина мачех хийца а, дІаден мегаш доцу хІу дохка а».
Выбор основного перевода