Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
АхІуд паччахь волчу чувахара. ІегІлон шийлачу лакхарчу цІа чохь Іаш вара. АхІуда цуьнга элира: «Делера дош ду сан хьоьга дІаала дезаш». Паччахь шен гІанта тІера хьалагІаьттира. Ахьаб-паччахьан кхидолчу гІуллакхех лаьцна – цо мел динчух а, цо дІахІоттийначу пийлан кІомсарех долчу цІийнах а, цо яйтинчу массо а гІаланех а лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тІехь. И шадерг а шеран уьссалгІачу баттахь дара, цундела паччахь ша Іа доккхуш хуьлучу цІа чохь вара. Иза, шена хьалха кхерчахь йогуш цІе а йолуш, Іаш вара. Пийлан кІомсарех бинчу маьнгеш тІехь Іохку шу, дегІана там лоьху аш кечдинчу меттанашкахь. Дикачу дежийлашкара шайн бежанашна юкъара тоьлла долу кой а, эсий а доу аша.
Выбор основного перевода