Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Массо а ницкъийн Везачу Эло чІагІо йира: «Аса ойла ма-ярра хир а ду, Аса сацам ма-барра, кхочуш а хир ду. Сайн махкахь ашурхой хІаллакбийр бу Аса, Сайн лаьмнашкахь уьш хьошур бу Аса. Ашурхойн дукъ Сан халкъана тІера дІадер ду, церан белшаш тІера беза мохь а дІабер бу». Иштта хир ду дерриг а дуьненна лерина къастийнарг, массо а халкъана тІехула лаьцна Везачу Элан куьг а ду, хІунда аьлча массо а ницкъийн Везачу Эло къастийнарг хьаьнга дІадаккхалур ду? Цо кховдийна куьг хьаьнга сацалур ду? Со ву серло Йийриг а, бода Кхуллург а, беркат Латториг а, бохам Бийриг а. Ас, Везачу Эло, деш ду и дерриг а хІуманаш. Довда, шайн дахар кІелхьардаккха, бен-яманхой! Довдий, дІагІо Ярушалайм-гІалара! ТакхоІ-гІалахь коьман маІа лакха! ЦІарца орца даккха Байт-КІарам-гІалахь! Къилбаседехьара боккха бохам а, доккха хІаллакьхилар а тІегІерташ ду. Барух, Аса хьайна даккхий гІуллакхаш дар лууш вуй хьо? Ма лаа иза, хІунда аьлча Ас массо а адамашна боккха бохам бийр бу, – боху Везачу Эло. – Амма хьо мичча вахча а, хьан дахар Аса хьуна, хІонс санна, лур ду›’“». qac Нqac*ийсса Веза Воккхачо аьлча а бен, хуьлий-ткъа бохам балар я беркат хилар? «Коьман маІаца дІакхайкхаде ГебаІ-гІалахь, турбанца дІакхайкхаде Рама-гІалахь, орца даккха Байт-Аван-гІалахь! Бен-Яман, мостагІа хьуна тІаьхьа вогІуш ву! Марут-гІалин бахархой шайна гІо даре сатесна бу, хІунда аьлча Везачу Элера болу бохам Ярушалайман кевне кхаьчна (Марут – цуьнан «къаьхьа» бохург ду).
Выбор основного перевода