Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Аша боху: ‘Тхан товрат-хьехамаш а бу, тхоьгахь хьекъал а ду’. Амма иза иштта дац, хІунда аьлча шун Іеламчу наха товрат-хьехам талхабора. Адаман гІодаюккъехь доьхка чІогІа дІадехкаре терра, Аса Исраилан а, ЯхІудан а ерриге а тІаьхье Сайна чІогІа улло ялийнера, – боху Везачу Эло, – царах Сайн къам дархьама, уьш Сан сийлалла а, дозалла а, хазалла а хилла дІахІиттийтархьама. Амма цара Соьга ла ца дуьйгІира». Ткъа Ас шу арадехира Мисар-махкара. Шовзткъа шарахь лелийра Ас шу яьссачу аренгахула, эмархойн латта шун дола далийтархьама. ЛадогІа хІинца Везачу Элан даше. Ахь боху: „Исраилан халкъе Делера болу хаамаш ма бе. Исхьакхан тІаьхьенашна дуьхьал цхьа а вон дош ма ала“. «Шу а, исраилхой, хушахой санна дац ткъа Суна? Со вац ткъа исраилхой Мисар-махкара, пІелаштамхой Крит-гІайре тІера, арамхой Кхирера арабаьхнарг?» – боху Везачу Эло.
Выбор основного перевода