Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Нагахь Ас бохучуьнга ла а дугІуш, Соьца бина барт аш ларбахь, массо а халкъашна юкъара шу Сан долахь долу жовхІар хир ду, хІунда аьлча дерриг а Латта Сан ду. ТІаьхьа дийна а дуьсуш, хьуна санна хезний те цхьана а халкъана делан аз цІеран юккъера схьадечу къамелаца? Зе дарца а, билгалонаш гайтарца а, тамашийна хІуманаш дарца а, тІом барца а, ондачу куьйгаца а, дІакховдийначу пхьаьрсаца а, чІогІачу къематашца а кхин муьлха дела маца гІиртина те, кхечу къомах паргІат а даьккхина, цхьа къам шен дола даккха? Делахь а, и дерриге а шун бІаьргашна хьалха дина-кх шун Везачу Дала, шу Мисар-махкахь долуш! Хьайн Везачу Делан деза халкъ ду хьо. Хьан Везачу Дала хьо хаьржина, хьох Шен долахь долу халкъ дархьама, дуьнен чохь мел долчу халкъашна юкъара схьа а хаьржина дина долу. ХІунда аьлча хьо хьан Везачу Далла дІакъастийна деза халкъ ду. Дуьнен тІера дерриг а халкъашна юкъара Цо къастийна хьо, Шен долахь долу жовхІар хилийтархьама». Цо Шен дош Якъубан тІаьхьенна довзийтина, Шен парзаш а, тІедехкинарш а – Исраилан халкъана. И саннарг Цо кхечу халкъашна ца дина, царна ца девза Цо тІедехкинарш. Хастам бу Везачу Элана! Веза Эла, оха мукІарло до тхаьш лелийначу Іесачу гІуллакхашна а, тхайн дайша летийначу къиношна а. Хьуна дуьхьал оха къа латийна. Ас кхел йийр ю шуна, шун дайшна мисархойн яьссачу аренгахь ма-ярра». Иштта боху Хьалдолчу Эло. Шен хІусамден лаам а хууш, цо бохург дан а ца динчу, дан а ца гІиртинчу ялхочунна чІогІа еттар ю, Зулам деш волчу хІоранна а гІайгІанаш а, баланаш а хир бу, цкъа хьалха жуьгташна, тІаккха кхечу къаьмнех болчарна!
Выбор основного перевода