Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Нагахь даьхни экхано цистинехь, бухайисина чарх дІагайта еза, тІаккха хІусамдена даьхних мах бала безар бац. Дауда Шауле элира: «Хьан лай шен ден уьстагІий дажош лелла ву. Нагахь санна, я лом, я ча а еана, цара жа юкъара уьстагІ дІабаьхьча, царна тІаьхьа а воьдий, тІекхетий, церан багара иза схьабоккхура ас. Амма иза сайна тІекхетча, аса цуьнан кхес схьа а лоций, охьа а тухий, йоьра. Лом а, ча а йоьра хьан лай волчо. Изза хир ду оцу сунтваза волчу пІелаштамхочунна а, дийна волчу Делан эскарна кхиссарш еш волчу». Дауда кхин а элира: «Лоьмах а, ченах а со кІелхьарваьккхина волчу Везачу Эло со оцу пІелаштамхочун куьйга кІелара а воккхур ву». ТІаккха Шаула Дауде элира: «Вало, гІо цига. Веза Эла хьоьца хуьлийла». «Сайн цІийнан тхевнна кІел гІур вац со, со Іуьллучу метта хьалавер вац со, Пийлан кІомсарех бинчу маьнгеш тІехь Іохку шу, дегІана там лоьху аш кечдинчу меттанашкахь. Дикачу дежийлашкара шайн бежанашна юкъара тоьлла долу кой а, эсий а доу аша.
Выбор основного перевода