Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Везачу Эло элира Ша-шега: «Со дан воллург Ас ИбрахІимах лачкъор дац. Со пайхамаршка вистхуьлура. Ас дуьхьалхІуьтту суьрташ а алссам гойтура, пайхамаршкахула хьекъале дустарш а даладора». ХІинца ца олу Ас шух ялхой, хІунда аьлча ялхочунна шен олахочо дийриг ца хаьа. Амма шух Ас доттагІий аьлла, Сайн Дегара хезнарг дерриге а Ас шуьга дІахаийтина дела. Агав цІе йолчу царах цхьаммо, дІа а хІоьттина, Делан Синан цІарах хаам бира, римхойн пачхьалкхехь мацалла хІуттур ю аьлла. (Калабди Рим-мехкан паччахь волчу хенахь хилира иза.) ВорхІалгІачу малико турба локхучу хенахь Делан къайлаха йолу Іалашо чекхъер ю, Цо Шен ялхой болчу пайхамаршка хаам бина ма-хиллара», – аьлла.
Выбор основного перевода