Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Шеран борхІалгІачу беттан пхуьйтталгІачу дийнахь, ша билгалбаьккхинчу баттахь, исраилхошна ша хІоттийначу дезачу дийнахь, ша дІахІоттийначу сагІа доккхучу кхерчана тІе вахара иза, цигахь дийнаташ дагоран сагІанаш дахархьама. ЯрбаІам-паччахь сагІа доккхучу кхерчана тІехь дийнаташ дагоран сагІа даккха воллучу хенахь, Везачу Элан омрица ЯхІуд-махкара цхьа Делан стаг Бетал-гІала веара. Везачу Элан омрица оцу стага сагІа доккхучу кхерче элира: «Ва сагІа доккху кхерч! Везачу Эло хІара боху: „Даудан цІийнах кІант вер ву, Юши-ЯхІу цІе йолу. СагІа доккхучу гунаш тІехь гІуллакх а деш, цигахь сагІанаш доху динан дай, байа а байина, хьуна тІехь сагІина бахьар бу цо, хьуна тІехь адамийн даьІахкаш ягор ю“». Оццу дийнахь Делан стага цхьа билгало елира, иштта дешнаш а аьлла: «И дешнаш Везачу Элера хиларан билгалонна хІара хир ду: и лаьтташ болчу сагІа доккхучу кхерчах, эккха а иккхина, ши дакъа хир ду, цунна тІера чим дІаса а баьржар бу». Иштта кхин а Юши-ЯхІу-паччахьо бохийна дІабаьккхира Бетал-гІалахь болу сагІа доккху кхерч. Исраилхошка къинош летадайтинчу НабатІан кІанта ЯрбаІама цигахь, сагІа доккхучу гу тІехь, дІахІоттийна хилла и кхерч. Цигахь мел йолу хІума ягийна дІаяккхийтира цо, Ашера-харцдалла лерина болу бІогІам а тІехь. Йисина хІуманаш ата а аьтта, царах чан яйтира паччахьо. Изза дийр ду шуна, ва Беталан бахархой, барам боцуш аша летийначу къиношна. «Шу бен магийна дацара Ас лаьтта тІехь мел долчу тукхамашна юкъара. Цундела Ас жоьпе а озор ду шу, аша мел лелийна зуламаш бахьана долуш». «Дуьйло, къинош летаде, Бетал-гІаларчу езачу метте дІа а гІой. Шайн зуламаш алсамдаха Галгалехь а. Шайн дийнаташ дагоран сагІанаш даха хІора Іуьйранна, ткъа кхо де мосазза долу, шайн ялтех уьтталгІа дакъа дІало. Бетал-гІалахь Со ма лехалаш, Галгал-гІала ма гІолаш, Беар-ШабаІе ма кхачалаш, хІунда аьлча Галгал-гІала йийсаре гІур ю, ткъа Бетал-гІала хІумма а йоцург хилла дІахІуттур ю». Лехалаш Веза Эла – дийна дуьсур ду шу. ЦІеран алу санна, Иза Юсупан цІенна тІе ма кховдийта. Оцу цІеро иза хІаллакдийр ду. Бетал-гІалахь цхьа а хир вац и цІе дІаяйа.
Выбор основного перевода