Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Кхел а еш, Шен халкъана юкъара баккхий берш а, баьччанаш а бехкебо Везачу Эло: «Сан кемсийн беш санна токхе долу къам дассийнарг шу ма ду! Мискачарах лачкъийна хІонсах шун цІенош дуьзна ма ду! Сан халкъ хьийзо а, мискачарна ницкъ бан а, шуна бакъо хьан елла?» – боху берриг а ницкъийн Хьалдолчу Эло. Везачу Эло боху: «Сан халкъ сонта ду. Цунна Со ца вевза. Сонта бераш санна ма ду иза. Сан халкъ кхетам боцуш ма ду. Цуьнан вон дан говзалла кхочу, амма дика дан цунна ца хаьа». Нийсонах дІовш деш долу а, бакъдерг лаьтта кхуссуш долу а, хІай адамаш! Говраш тархашна тІехула евдда лелий те? Стерчашца хІордана тІехь охана далур дуй те? Аша-м нийсонах дІовш а дина, бакъдолчух стим а бина. ХІинца а ю те Іесачийн цІенош чохь харцахьаяьхна хазнаш а, сел дегаза долу харц сахь а? Нийса хир дуй те ас харц терза а, харц герканаш чохь йолу тІоьрмаг а магийтича? ГІалин хьолахой къизаллах буьзна бу. Цуьнан бахархоша аьшпаш буьтту, харцметтанаш ду церан багахь. Ахьа а дукха халкъашна талораш дина дела, дисинчу массо а халкъаша хьуна а талораш дийр ду, хІунда аьлча ахь адамийн цІий Іанийна, иштта мехкашна а, гІаланашна а, царна чохь мел бехачарна а ахь къизалла а йина. «Декъаза ву хьарамлонца шена хІума гулдийриг, шена цІа дайтархьама а, шен бен лакхенгахь бархьама а, цу тайпана бохаман куьйгах ша кІелхьарваккхархьама!» Ахь дагалаьцначу хІуманаша хьан цІийнан сий дайина. Дукха халкъаш хІаллакдарца хьайн синна къилахь дерг лелийна ахь. Пенашна юкъарчу тІулгаша хьуна дуьхьал мохь хьоькхур бу, дечигах динчу дукъоша цара до тоьшалла духаэр ду. Ас таІзар дийр ду неІсагІина тІехула лелхачарна а, шайн олахочун цІа къизаллех а, харцонех а дузучарна а. Малико соьга элира: «Цунна тІехь яздина ду берриге а ЯхІуд-махка тІехь болчарна тІедогІу неІалт. ХІунда аьлча лачкъош мел верг дІаваьккхина хир ву, цхьана агІор яздина ма-дарра, харц дуй бууш мел верг а дІаваьккхина хир ву, вукху агІор яздина ма-дарра». «Ас дІакхайкхадайтина тептар тІехь долу и неІалт, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Иза хІора къуьнан цІа чу а кхочур ду, Сан цІе а йохуш, харц дуй буучун чохь а хир ду. И стаг а, цуьнан дитташ а, цуьнан тІулгаш а хІаллакдина хир ду».
Выбор основного перевода