Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Берриг а Исраил-махкана тІегІоьртира Шалманесар. Шамран-гІалина тІе а веана, кхаа шарахь го бина латтийра цо и гІала. ХІушаІа паччахьалла до уьссалгІа шо долуш дІалецира Ашур-мехкан паччахьо Шамран-гІала. Исраилхой, Ашур-махка дІа а бигна, Хьалахь-гІалахь а, Газун-кІоштахь долчу Хьабур-хина йистехь а, Мадай-мехкан гІаланашкахь а баха охьаховшийра цо. „Цхьа хан йогІур ю, хьан цІа чохь мел дерг а, хьан дайша кху дийне кхаччалц гулдинарг а Бавеле дІахьош. ХІумма а бухадуьсур дац, – боху Везачу Эло. – Ас цІе хьажор ю ЯхІудана тІе, цо хІаллакйийр ю цуьнан гІепаш». ТІаккха кадечун а дІавада ницкъ хир бац, ондачуьнга а шен ондалла латталур яц, тІемалочуьнга а шен дахар кІелхьардаккхалур дац. «Ткъа хІинца, Исраилан цІа, Ас халкъ дуьхьалдоккхур ду хьуна. Къилбаседера Хьамат-Іин долчуьра къилбера Іариба-тогІин хина тІекхаччалц дІалохкур ду шу», – боху массо а ницкъийн Везачу Дала. Цхьа денош догІур ду, мостагІаша го а тесна, баьрзнаш а дина, хьо юкъа а йоьллина, массо а агІор хьо къовлуш.
Выбор основного перевода