Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
4. Царств
Параллельные места
Наху-пирІуно, Ярушалаймехь ЯхІу-Ахьазе паччахьалла ца дайта, иза Хьамат-махкарчу Рабила-гІалахь набахти чу воьллира. Наху-пирІуно гІуда такхар тІедожийра ЯхІуд-махкана. Шена ши бІе пунт дети а, ши пунт деши а даьккхира пирІуно яхІудхошкара. ЯхІудхойн паччахь волу ЦІадукъ-ЯхІу хашадхойн карара вер вац. Иза Бавелан паччахьан кара дІалур ву, цо цуьнца юьхь-дуьхьал къамел а дийр ду, цунна иза шен бІаьргашца схьа а гур ву. Аса яхІудхойн паччахь волу ЦІадукъ-ЯхІу а, цуьнан баьччанаш а уьш байа гІерташ болчу церан мостагІийн кара дІалур бу. Аса уьш Бавелан паччахьан эскаран кара дІалур бу, и эскар хІинца шуьца тІом беш долчуьра юхадаьллехь а. Ас омра дийр ду, – боху Везачу Эло, – уьш и гІала йолчу юхабахкийта. Цара, тІе а летта, иза схьа а йоккхур ю, цІарца ягор а ю. ЯхІуд-махкара гІаланаш Аса яссор ю, цигахь цхьа а адам а хир дац дехаш“».
Выбор основного перевода