Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
4. Царств
Параллельные места
Туьрах беллачарна юкъара дийна бисинарш Бавел-махка йийсаре дІабигира. Ткъа парсихойн пачхьалкх дІахІотталц йолчу ханна царах паччахьан а, цуьнан тІаьхьенан а леш хилира. Амма ЦІадукъ-ЯхІу-паччахьо Ярми-ЯхІуга элира: «ХІинцале а хашадхошкахьа бевллачу яхІудхойн кара со дІаваларх а, цара со сийсазваккхарх а кхоьру со». ГІалахь бухадисина долу халкъ а, шегахьа бевлларш а паччахьан гІаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана Бавеле дІабигира. Паччахьан гІаролхойн хьаькамо Набузар-Адана уггар къечарах болу цхьаберш а, Ярушалаймехь дисина кхидолу халкъ а, говза гІишлош йийраш а, Бавелан паччахьан агІор бевлларш а йийсаре дІабигира.
Выбор основного перевода