Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
4. Царств
Параллельные места
ЯхІудхойн паччахьо ЯхІу-Яхина Бавеларчу набахтехь ткъе вуьрхІитта шо даьккхича, Авил-Мардуха иза набахтера аравалийтира. Иза хилира Авил-Мардух Бавелан паччахь хилла дІахІоьттинчу шеран шуьйтталгІачу беттан ткъе пхоьалгІачу дийнахь. Авил-Мардуха цуьнца бертахь къамел дора, ткъа Бавел-махкахь йийсарехь болчу кхиболчу паччахьийн ларамал цунна лекха ларам бира. ЯхІу-Яхинна пурба делира шена тІера тутмакхан духар дІадаккха. Дуьнен чохь ша кхин мел йоккхучу хенахь кест-кестта паччахьна уллохь яа хІума йоура цо. ЯхІу-Яхин дуьнен чуьра дІаваллалц, хІора дийнахь Бавелан паччахьо цунна мел оьшург латтадора. Кхо де даьлча, пирІуно хьо лаккха айина, хьалха хиллачу метте дІахІоттор ву. Ахьа, хьалха ма-баллара, пирІуне кад дІалур бу. Кхо де даьлча, пирІунан вина де дара. Цо той хІоттийра шена уллорчарна. Уьш гонах а болуш, пирІуно лаккха хьалаайира коьрта чагІардуттург а, коьрта бепигдоттург а. ЯхІудхойн паччахь волу ЯхІу-Яхин а, цуьнан нана а, цуьнан ялхой а, цуьнан тІеман хьаькамаш а, цуьнан кертара хьаькамаш а шаьш Набухди-Нецаран кара бахара. Иштта, Бавел-махкарчу Набухди-Нецар-паччахьо олалла ден борхІалгІа шо долуш, цо ЯхІу-Яхина йийсар дира. Цу тайпана, ЯхІу-Яхин-паччахь, цуьнан нана, цуьнан зударий, паччахьан кертахь гІуллакх деш хилларш, лаккхарчу даржашкахь хилла нах – уьш берриш а Ярушалайм-гІалара Бавел-махка кхалхийра Бавел-мехкан паччахьо.
Выбор основного перевода