Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
4. Царств
Параллельные места
ЯхІудхойн эскаран хьаькамашна а, иштта кху махкахь бисина болчу тІемалошна а, кхечу нахана а дІахезира, Бавелан паччахьо Ахьикхаман кІант Гадал-ЯхІу мехкан куьйгалхо хІоттийна аьлла. Бавеле дІа ца буьгуш бисина болчу мехкан уггар къечу божаршна а, зударшна а, берашна а тІехь цо Іуналла дан деза бохуш, хезира царна. Уьш берриш а Гадал-ЯхІу волчу МицІпа-гІала баьхкира. Царна юкъахь Натан-ЯхІун кІант ИсмаьІал а, Къаьрхьин кІентий Йохьан а, ЯхІуната а, Танхьуматан кІант Сари-ЯхІу а, НатІупатарчу Іейпин кІентий а, маІхахочун кІант Яъзан-ЯхІу а, иштта царна уллора берш а бара. Шапанин кІентан Ахьикхаман кІант Гадал-ЯхІу царна хьалха чІагІонаш еш вара: «Ма кхера хашадхошна гІуллакх дан. ХІокху махкахь даха охьа а ховша, Бавелан паччахьна муьтІахь а хила, тІаккха шуна дика хир ду.
Выбор основного перевода